Зу?
on February 21, 2021
290 views
МАРШОНАН СУЙ. (Ма хаз яз йин ю х1ар)
--Тlахlир схьа воьлла, суна юххе дlа хlоттал. Хlара сан накъости даймехка бlаьхой, ас цхьа вескет дан хьо сайна улло валорах сох кхаьрдар бац хьуна.
Тхо диканехь а вонехь а цхьана чекх дилина цхьа бусалба вежари ду хьуна. Оцу декачу пондаран озехь къизачу тlамо шайн йиш вешех шаьш къастарах лаьцна, Олхазара илли олаш тхан бlаьргих хи далахь тхох кхарда ма кхардалахь Тlахlир.
Олхазара шен зевнечу озаца, буьрсачу тlамехь тlе деттачу дошан дорцехь, дерачу чевнин дукхалла когаш тlехь ца lалуш, вовшашна тlе тижаш мостагlин ардангаш юха чехош, Дела кхоьле дlа бирзина шай бусалба вежари иллехь буьйцуш тхан бlаьргех хи далахь, тхоьх кхарда ма кхьардалахь Тlахlир.
Мостагlаша шай дерачу герзашца хилазза берана, ламанан чlажашкара вайн дай баьхна къора ярташ ягаеш. Шайн къома цlий муьйлачу йовсарий меттанаша, хийла къант шеха къастина вайн ДАЙМОХК иллешкахь Олхазара хастича, тхан бlаьргех хи далахь тхох кхарда ма кхардалахь Тlахlир.
Сан вескет ду хьоьга, цхьа зама йогlар ю хьуна, хlоккхехь болча къонахоша шайн турпалчу дегнашца ткъа шарахь сов латтиначу маршонан къийсамехь тхан хилла майралла, тхан толамаш аьшнаш деш, нохчин сийлахь даймохк ларбеш керстанан ардангаш оха юха чехор харц деш. Хьой мел дукха вахахь а, Беной Бойсгlар аьлла цlе йоккхаш хазахь, корта айббина дlа схьа хьажа йиш йу хьуна хьа Тlахlир.
Керстанан бlаьра тоьпа lалашонца бен хьожар вац аьлла дуй биъна ву хьуна со, со дlа ваьлча воха ма вохалахь, даймахкана а хьайн накъосташна а ямарт ма хилалахь
(доккха маьlна дара цу дешнин, Тlахlирана ца хаьара шен да дlа валлачул тlехьа, шена тlехь мел доккха дукъ дуьса а lедална дуьхьал гlотта болчу гlаттаман коьртехь ша хир вуйла а).
Тlаккха маьхьари туьхира гондlа болчара дlа алал Олхазар вайна, вайн Ичкерин шатлакхан илли аьлла.
Ойт ойт галара кlенти яl аьлла Олхазара илли аьлча, герзаш туьхира Олхазарна го баьккхина хевжана lачу кlенташа. Илли чlекх даьлча, дехьо lаш волча Солтамурда элира,
— Къенти кхана Аллахlа пурба лахь Чажа-лаьхканчохь керстанца люра тlом бу вай хила безаш, массо ярташка дlа хьовсина геланчаш бу вай. Вай нохчи ярташкара тlе дан дезаш ондда эскарш ду. Вай хоуьтар цу Дела мостагlашна, вайн дегнашкахь маршонан алу муха йога.
Хlинца жимма са доlар ду вай аьлла Солтамурд вистхилча, Олхазара элира Бойсгlаре а хьаьжна,
--И Тlахlир ма жима вара хlинцале тlеман къахьоне хlитта, иза цlа хьажо везара ахь аьлла.
Бойсгlара элара,
— Вайн метта дlа хlитта безаш ма бу вайн кегири, хlицце дуьна lама ца бахь къилло lемар бу хlорш. Гонда берш била белла, ша боккъал цхьа къонах хила лаьттачу Тlахlире хьоьвсара.
Солтамурда элара Бойсагlаре а хьаьжна, вайн эскарш жlугашкахь тlе лета, ишта жlуганашкахь тlе лета кеста а, вай вешан тlеман говзо жимма хицича муха хир дара те аьлла.
--Солтамурд тlеман говзо хьоьгахь дико хета суна, вай гуттар тlамехь лело говзо хицича, кериста вухар ву, вайн говзонах уьш кхетта бовлле вай толам боккхар бу иншаАллахl, хьа дицал айхьа ойла йинар.
Солтамурда цхьа гlожа юхьиг эцна латтахь хьаькхна шоралла дехха сихз хаькхара,
--Вай веша эскарш даьржана тlе лотуьтар ду хlунда аьлча, жlуганашкахь вай тlе летча, тlехьара могlанаш эрна лаьтта герз тоха йиш йоцаш йайа таррашца мере бахана лата меттаг боцаш, хьалха берш царна дуьхьал хуьле . Вай чу хохкачу хенахь веша эскаран цхьа агlо махуьлла Даьргlой ломехьа, вож агlо Борз йола гу болчахьа охьа озош, дlай-схьай хиладой кхо могlа бой, охьа эгар барамехь эскар тlе доьда, хьалхарчу могlано тоьпаш тохча шолгl могlа царна хьалха бола, и могlа гуттар тlехьа хlутта шайн тоьпаш йуза, цу хенахь юккъера могlо хьалхарнаш бевлча дlа хlитта кичча хуьла. Керстанна вайна тlе герз тоха бегlе ца хуьла,цера герз lалашонца детта дезаш хуьла вайн эскар даьржана хиларна, вайн дуккха эскар тlамна пайденна хуьла.
Бойсагlар вехха хьижира, латиначу цlеран серлонехь Солтамурда лаьттахь хьекхначу сизашка, тlаккха вела къежаш элара
Бойсагlара,
— хьуна хlинццалац схьа цхьаннена дага ца деанар дага деана, вай цу тlехь иншаАллахl толам боккхар бу. Паччахьана хьаставелла мидал яккха веана Воронцов ву, ша гойтар ду нохчи муха хlаллак бан беза аьлла. Вай гойтар дукха хlара кlенти муха тасало иншаАллахl аьлла, цlера юххе агlор велара Бойсгlар.
Дехьо шен говра нуьр гlевланга йиллина Тlахlир шена юххе дlа тарвеш Солтамурд а дlа тевжира шен накъосташци.(Маршонан суй, дийцаран цхьа дакъа).
Dimension: 950 x 552
File Size: 187.91 Kb
8 people like this.